ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца а, Iамеркица а тIеман инциденташ хиллийта лууш бац туркой


Шема -- ПхоьалгIа де ду туркойн эскарш Шеман къилбаседа-малхбалехь тIеман операци дIахьош долу. 21 Дечк. 2018.
Шема -- ПхоьалгIа де ду туркойн эскарш Шеман къилбаседа-малхбалехь тIеман операци дIахьош долу. 21 Дечк. 2018.

Iамеркица а, Оьрсийчоьнца а, Шеман эскаран дакъошца а тIеман инциденташ я тIеман тасадаларш ца хилийта гIерташ ю Туркойчоь, амма дерриг а дийр долуш ю шен кхерамазалла ларъян. Цу тайпа дIахьедар дина шинарин дийнахь Туркойчоьнан Iедалан векало.

ПхоьалгIа де ду туркойн эскарш Шеман къилбаседа-малхбалехь тIеман операци дIахьош долу. Шеман территори тIехь шайн тIеман контингенташ йолчу Iамерко а, Оьрсийчоьно а кхайкхам бина туркошка, курдийн тIеман тобанашна тIелатар деш сатухуш хилахьара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG