"Исламан пачхьалкх" тобанна гIо дина аьлла, 12 шо хан а тоьхна, чуйоьллина Дагестанера яхархо, 27 шо долу Шайх-Ахмедова Наида. Иза яра Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Иракъехь БагIдадерчу набахтера кIелхьарбаьхначу зударшна а, берашна а юкъахь.
Талламхойн версица, Шайх-Ахмедова, Туркойчу а яхана, Шема дехьаяьлла хилла 2014-чу шарахь. Цигахь иза дIакхетта хилла "Исламан пачхьалкх" олучу тIемалойн тобанах. Цигахь жимачу зудчо гIо деш хилла тIемалошна.