ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь ханна дIакъовла мегаш ю Iамеркан зорбанан гIирсийн сайташ


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчохь цхьана ханна дIакъовла мегаш ю кхечу пачхьалкхийн агенташ лоручу зорбанан гIирсийн сайташ. Иза доьзна ду цара Оьрсийчуьрчу президентан харжамашна бойкот ян еза ала мегаш хиларца.

Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан пачхьалкхан суверенитет ларъярехула йолчу комиссин гIантдас Климов Андрейс чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан Конституцино бакъо ло хаамаш баржор сацо а, царна доза тоха а.

«Iамеркан зорбанан гIирсаша кхайкхамаш бира президентан харжамашна бойкот ян еза бохуш. Иза Оьрсийчоьнан Конституци йохор ду, цул тIаьхьа царна блокировка ян мегар долу, - аьлла хета сенаторна.

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дIахьочу дийнахь дIакъовла мегаш ю «Маршо Радио» а, «Iамеркан Аз» а корпорацийн сайташ. Амма царна тIекхача аьтто хир бу Оьрсийчохь а смартфонаш лучу аьттонашкахула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG