ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь "Мемориал" ларъяр доьху бакъонашларъярхоша


"Мемориалан" Нохчийчуьрчу офисан куьйгалхо Титиев Оюб.
"Мемориалан" Нохчийчуьрчу офисан куьйгалхо Титиев Оюб.

Бакъонашларъярхойн кхеташонан декъашхоша кхайкхам бина Оьрсийчоьнан инарлан прокуроре а, чоьхьарчу гIуллакхийн министре а, талламан комитетан куьйгалхочуьнга а, тIе тидам бахийта аьлла, Къилбаседа Кавказехь «Мемориалана» гонах хуьлучунна.

Бакъонашларъярхоша доьху Титиев Оюбан гIуллакхах йиист яккхар а, «Мемориалан» офисашна ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а тIелатарш дар тидаме эцар а.

Царна хетарехь, низацамашца догIуш ду я дац къасто деза Нохчийчуьрчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а дина дIахьедарш. Цу шимма аьллера «Мемориалан» белхахой «халкъан мостагIий» бу аьлла, царна тницкъ бан безаш хилар а къадош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG