ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусалбанашца къийсам латтийначу немцойн политико тIеэцна ислам


Берлинера маьждиг.
Берлинера маьждиг.

Оьрсийчуьра схьаваьлла волчу немцойн политико, «Германина алтернатива» олучу ултра-аьттоагIор партин декъашхочо Вагнер Артура тIеэцна ислам. И стаг вевзаш вара бусалбанашца луьра къийсам латторца.

ХIинца цо дIатесна шен хьалха хилла ойланаш. Цунах лаьцна, Tagesspiegel газетана тIе а тевжаш, хаам бо «Вашингтон пост» газето.

Вагнер вара «Германина алтернатива» партин шира декъашхо. Иза юкъахь вара цу партин керстанийн ганна. Журналисташца къамел деш политико, иза шен гIуллакх ду аьлла, ца дийцина ша бусалба дин тIеэцаран бахьанаш. Цo харц дина ислам дине валар бахьана долуш ша партера дIаваьккхира бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG