ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкхана" пропаганда ярна бехке вина Нохчийчуьра вахархо


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийчохь Шуьйтан кIоштарчу вахархочо "ВКонтакте" социалан машанехь дIахIоттийна хилла "Исламан пачхьалкхан" байракхан сурт. Цуьнан цIе йоккхуш яц, хаам бо «Кавказский узело». Низам дохийна хилар карийначу Нохчийчоьнан прокуратуро зулам лаьрра иза.

И бахьана долуш, прокурораша кхаарин дийнахь цу стагана дуьхьал схьадиллина административан гIуллакх. Низамца а догIуш, цунна гIуда тоха мегаш ду 2 эзар сом барамехь я иза чуволла мега, 15 де хан а тоьхна.

"Исламан пачхьалкх" цIе йолу тоба терроран лоруш ю Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG