ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тIеман операцеш совцоре кхайкхина Трампа ЭрдохIан


Трамп Доналд (аьтто), ЭрдохIан Реджеп.

Iамеркан президенто Трамп Доналда варе вина Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп, туркоша Шемахь дIахьош йолу операцино эххаре а тасадаларш хилийта мега туркойн а, Iамеркан а эскарийн аьлла. ЭрдохIана сацаде аьлла Вашингтоне, Шемарчу курдойн тIеман тобанашна гIортор яр.

Цунах лаьцна шина лидеро дийцина телефонехула хиллачу къамелехь, хаам бо КIайн ЦIийно.

Цхьаьнатоьхна Штаташ саготта ю, туркойн армино Шемахь дIахьочу тIеман операцеш зе до «Исламан пачхьалкхаца» бечу къийсамна бохуш. Цул сов, туркойн тIеман кеманаш тохарш деш ду курдаш тIеман гIуллакхана Iамош болу Iамеркан тIеман говзанчаш дIатарбинчу Манбидж гIалана гонаха.

Трампан а, ЭрдохIанан а хиллачу къамело гойтуш хила мега Цхьаьнатоьхначу Штаташа шайн политика хуьйцуш хилар, яздо шайн комментарешкахь Iамеркан газеташа.

Туркойн а, Iамеркан а президентийн къамел хилале хьалха Цхьаьнатоьхначу Штатийн администрацехь лаккхарчу даржашкарчу Iедалхоша хаийтира, курдашна дуьхьаллаттарехь шаьш НАТО-хь шайн бертахо йолчу Туркойчоьнна тIехIуьтттур хилар, Шемахь террорана дуьхьал операцеш дIахьош шаьш курдашна гIортор еш хиллехь а.

Эрдоган хадам боллуш дуьхьал ву курдаша Туркойчохь а, ткъа иштта Шемахь а, Иракъехь а шайн къоман пачхьалкх кхолла гIертарна. Цо дийцарехь, цхьа а башхалла яц «Исламан пачхьалкхана» а, курдийн тIеман тобанашна а юкъахь.

XS
SM
MD
LG