ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Граната лелорна чувоьллина Нохчийчуьра вахархо


 РГД-5 граната.
РГД-5 граната.

Соьлж-ГIалара вахархо ву жоьпе озийнарг. Иза бехке вина, бакъо а йоцуш, баккъалла а йолу граната лелорна.

Талламхоша дийцарехь, и стаг лаьцнера 2017-чу шарахь Соьл-ГIалан йистехь некъаца йолчу талламан пунктехь. Машенах хьаьжча полисхошна карийна цуьнгахь РГД-5 олу граната.

«Кавказский узел» сайто бинчу хаамца, ГIура-беттан 13-чу дийнахь Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштан суьдо цхьа шо хан тоьхна низам дохийначунна колонехь яккха. Цул сов, цу стагана гIуда тоьхна 20 000 сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG