ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев суьдо валор дехна цуьнан адвокато


Нохчийчоьнан Лаккхара суд.
Нохчийчоьнан Лаккхара суд.

Тахана Соьлж-ГIалахь кхелан кхеташо хила езаш яра Титиев Оюбан гIуллакхца йоьзна. Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдехь листа безаш бара бакъонашларъярхо лацар хьокъехь адвокаташа бина латкъам.

Iуьйранна 11 сахьт даьлча кхелана хьалха гулбеллера "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхо Ганнушкина Светалана а, «Мемориал» вовшахтохараллан кхеташонан куьйгалхо Орлов Олег а, «ДОШ» журналан журналисташ а, цхьамогIа корреспонденташ а, Титиевн гергарнаш а, хаам бо «Кавказский узело».

Амма Титиев а, цуьнан адвокат Тельхигов Султан а суьдехь воцуш вара. Титиевн агIонан векал вара адвокат Заикин Петр. Иза реза ца хилира, Титиев а воцуш, кхелехь дакъалаца. Заикинан дехарца кхелан кхеташо тIаьхьатеттина тахана 17 сахьт даллалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG