ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Facebook-ан куьйгалхошка юха а кехат хьажийна Оьрсийчьурчу «Роскомнадзоро», Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан аккаунташ дIакъовлар бахьана дийца бохуш. Жоп цкъачунна делла дац, аьлла хаам бина журналисташка цу урхаллан куьйгалхочуьнан когаметто Субботин Вадима.

Кадыровн Instagram-ра а, Facebook-ра а агIонаш дIаяьхна 2017-чу шарахь ГIура-беттан 23-чу дийнахь. Роскомнадзоро даийтинчу кехатана жоп делира Facebook-о Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан аккаунташ дIаьяхна хиларх лаьцна, иза Iамерко санкцеш кхайкхийначу нахана юкъатоьхна хиларна.

XS
SM
MD
LG