ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

80 шо кхаьчна Высоцкий Владимир вина (аудио)


Оьрсийчоь - Высоцкий Владимир, "Хьалхара Канал" телегойтийлан "Кинопанорама" программера сурт , 22Деч1980
Оьрсийчоь - Высоцкий Владимир, "Хьалхара Канал" телегойтийлан "Кинопанорама" программера сурт , 22Деч1980

Вина 80 кхаьчна, оьрсийн а, цунна гонахарчу а къаьмнийн дог-ойланаш охуш, уьш ша мерзашка ерзийначу шен байташца стогалле, доьналле, дикалле кхойкхуш ваьхначу Высоцкий Владимиран.

Советан пачхьалкхехь уггаре а вевзаш волу актер, йишлакхархо, поэт шозза хилира Нохчийчохь. Нохчех а, гIалгIайх а ша яьккхина йиш Высоцкий Владимира дуьххьара гΙараяьккхира Соьлжа-ГΙалахь 1979-чу шарахь.


ХΙетахь Высоцкий махка вар иштта дагалоьцу цу заманахь музыкан доьшийлехь Ιемаш хиллачу Вакуева Ιайнас, ХΙинца иза мехкан тайнигийн театран актриса ю.

Вакуева: "Студентийн гонашкахь лоькхуш яра Высоцкийн эшарш. Иштта Невран кIошта стройотряде лелаш езаелира цуьнан эшарш суна а. Иза ГIала веъча, массо а вара иза ган лууш. ХIетахь телевизионехь дIаязйина цуьнан концерт хIинца гойту Москох кест-кеста. Шен майраллица, бакъдерг ма дарра эшаршкахь дийцарца иза ночхех тера вара. Сан и ойла кхоллаелира хIеттехь".

Соьлжа-ГΙала Высоцкий Владимир кхайкхинчу а, цигахь и тΙеэцначу а нехан лорах а кхиира Маршо Радио. Иза муха нисделлера иштта дагалоьцу нохчийн говаьлачу кинон а, театран а актера Омаев Дагуна.

Омаев: "Бахана, схьавалийнера иза. Оццу буса кеманца юхаваха везаш а вара. Могашалла дика йолуш а вацара иза хIетахь. Ша тховса дIаваха везаш ву, эшарш лекха веъна а вац, амма цхьаъ локхур ю. Иза яц хIинцца язйина. Шун къомо лайнарг а хууш, Казахсчтанехь, Алма-Атахь кхоьллина ша, аьлла, нохчашна, гIалгIашна лерина язйина йиш лекхира цо. ТIаккха цуьнца чай а мелла, иштта иза Москох дIа вахийтира-кх оха".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG