ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов Борис верна чувоьллина 5 нохчи бехке вац, боху Кадыровс


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Оьрсийчуьра оппозицин лидерех цхьаъ хилла Немцов Борис верна чувоьллина 5 нохчо бехке вац, боху Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедар дина, Dailystorm.ru сайтана ша еллачу интервьюхь.

Кадыровс дийцарехь, цунна бевзаш бара чубоьхкинарш, цаьрца цхьана Бенахь тIеман операцехь дакъалаьцна вара иза. Бехкенаш кхечу меттехь леха беза, аьлла хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна.

Титиевх лаьцна жоп луш, Кадыровс аьлла, шена цу тайпа бакъонашларъярхо вуьйцуш а ца хезна аьлла. Ткъа Бакаев Зелимха цIера ведда аьлла цо, доьзалехь дов а даьлла.

«Новая газето» респуликехь, кхел а, таллам а ца беш, нах байина бахар а, гейш хьийзош бу бахар а, ахча даккха дIахьош йолу кампани ю аьлла хета Кадыровна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG