ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Археологаша шайн болх юхаболор бу Нохчийчохь


Нохчийчоь. Архивера сурт.
Нохчийчоь. Архивера сурт.

Оьрсийн географин юкъараллан Нохчийчьурча декъан археологаш кху тIаьхьрачу 30 шарахь дуьххьара шайн болх юхаболо дагахь бу Нохчийчохь, хаам бо ТАСС агенталло. Цу декъкан кхеташонан декъашхочо Бугаев Максима дийцарехь, археологин ахкарш республикехь ца дина 1990-гIа шерахь дуьйладелчхьана, ткъа бинчу белхан доккхах долу дакъа дайна.

Бугаевс дийцарехь, археологин ахкарш доло дагахь хьалхара белхаш дIаболор бу Нохчийчохь кхушара. И белхаш бийр бу махкал арахьара республике кхаьчна кехаташ теллина девллачул тIаьхьа.

Бугаевс бинчу хаамца, Нохчийчуьрчу Iилманчийн уггаре а боккха тидам тIебахнарг ду вайнехан къам Кавказехь дӀасатардалар. Цу хьокъехь долу документаш Туркойчуьра а, Гуьржийчуьра а, Эрмалойчуьра а кхачаре сатуьйсуш ду шаьш, боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG