ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн хIусамехь Iедалан векалша теракт йина, боху Мачаликашвилин нанас


Гуьржийчоь -- Мачаликашвили Темирлан клиникехь веллачул тIаьхьа цуьнан гергарчарна гIортор еш акци хилира Тбилисехь.
Гуьржийчоь -- Мачаликашвили Темирлан клиникехь веллачул тIаьхьа цуьнан гергарчарна гIортор еш акци хилира Тбилисехь.

ПIаьрнгазара бусалба юкъаралла а, цигарчу къанойн кхеташонан декъашхой а леррина дIахьедар дан дагахь бу тахана, рузба дIадирзинчул тIаьхьа. Цу кIоштахь дукха хан йоцуш полицин операци дIахьош вийначу Мачаликашвили Темирланан нанас Маргошвили Медикос диqцарехь, цунна дуьххьар дуьйна хууш дара, шен кIант кхин стаг ву моьттуш хилла хилар эскархой, яздо «Гуьржийчоь онлайн» агенталло.

«ХIинццалц Гуьржийчохь теракташ хилла яцара, пачхьалкхан кхерамазаланн сервисо йина сан хIусамехь теракт, меттахь Iуьллуш волу сан цхьаъ бен воцу кIант а вийна», - аьлла дIахьедар дина Маргошвилис.

Мачаликашвилин дас-нанас доьху Iедалшка шайн кIант вийна болчу СГБ-н белхахошна таIазар дар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG