ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

 Iамеркехь зорбане даьхна Лесин валарх лаьцна кехаташ


Лесин Михаил велла карийна чоь. Лахь. 5, 2015.
Лесин Михаил велла карийна чоь. Лахь. 5, 2015.

Iамеркан талламан сервисан бюроно (FBI) интернетерчу шен сайта тIехь зорбане даьхна Оьрсийчоьнан медиамагнат а, зорбанан министр а, президентан Путин Владимиран хьехамча а хилла Лесин Михаил валарх лаьцна цхьадолу кехаташ, хаам бо "Iамеркан аз" портало.

2015-чу шарахь Лахьан-беттан 5-чу дийнахь Лесин карийнера Вашингтонерчу отелехь ша вехачу чохь. Таллам бича гучудаьлла иза йиттина вийна хилар.

Зорбане даьхначу документашца а догIуш, лечу хенахь иза тIех сов малар мелла а хилла.

Федералан Талламан Бюроно накъосталла а деш, Лесин валар хьокъехь таллам дIабаьхна Вашингтонан полицино а, Колумбия штатан прокуратуро а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG