ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Sasapost: Нохчий Шемахь. Цхьаберш Оьрсийчоьнца луьра тIом беш бу, кхинберш шпионалла лелош бу


Sasapost артиклан даьккхина сурт.
Sasapost артиклан даьккхина сурт.

Шемахь тIом беш болу нохчий кхаа декъе бекъабелла бу, бохуш яздо Мисарарчу Sasapost зорбанан гIирсо. Цу артиклан чулацам бала бо inosmi.ru портало.

Артиклан авторо Мирфат Ауфа (Mirfat Auf) дийцарехь, нохчийн цхьа тоба Шеман территори тIе кхечира, цигахь конфликт йолалуш, революцин тобанашца цхьаьна цу махкарчу режимца а, цуьнан бертахошца а къийсам дIабахьа.

ШолгIа тобан декъашхой дIакхийтира "Исламан пачхьалкх" (ДАIИШ) олучу тобанах.

Аш Шишани Iумар.
Аш Шишани Iумар.

Ткъа кхоалгIа Москохна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а мутIахь йолу нохчех лаьцна тоба Шема хьажийра, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашца цхьаьна тIемаш бан.

Муфтий Межиев Салахь цхьаьнакхетта Шемахь Нохчийчуьрчу эскархошца.
Муфтий Межиев Салахь цхьаьнакхетта Шемахь Нохчийчуьрчу эскархошца.

Хьалхара нохчийн тIемалойн тоба, тIе а эцна, шаьш Iуналла дечу хIордаца йолчу территорехь дIанисйира Шемарчу гIаттамхоша. Церах цхьаъ яра аль-Шишани Муслима куьйгалла дон "Джунуд ал-Шам" (Шеман тIемалой). И тоба цхьаьна тIом беш яра «Джебхат ан-Нусра» тобанца, яздо Sasapost газето.

Аль-Шишани Муслим
Аль-Шишани Муслим

Кху деношкахь аль-Шишани Муслим шен тобанца Шемара Африн дIалоцуш тIом беш ву, туркошна тIе а хIоьттина, аьлла хаам бинера "Ахвал" олучу сайто, "Акит" газетана тIе а тевжаш.

Амма Sasapost газето дуьйцург тидаме эцча, аль-Шишани Муслиман тоба хьалха лаьцначу позицешкахь, хIордаца Iуьллучу (Латакия а, ХIама а) провинцешкахь юьсуш ю тахана а.

Цхьаболчу хаамашца аль-Шишани Муслим билггала ХIамахь ву. Оццу меттехь дIатарйелла ю «Ансар аш-Шам» олу аш-Шишани Абу Мусас куьйгалла дон кхин цхьа нохчийн тоба а.

"Исламан пачхьалкхан" тобанех дIакхетта нохчий Оьрсийчоьнца тIом беш бу. ТIаьхьарчу хенахь Шеман тIеман ницкъаш дIалецна цара Iуналла деш йолу дуккха а территореш. Ткъа нохчех хилларг кхин хIун ду билггала ца яздо Sasapost-о.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG