ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Довзийтина "Ведучи" курортан мехаш


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Курортийн куьйгалхоша довзийтина, канатан некъийн цхьана денна леринчу паспортан мехаш. «КСК» (Къилбаседа Кавказан курорташ) олучу акционерийн юкъараллан директоро Тимижев Хьасана дийцарехь, уьш хIиттийна, цу регионерчу бахархойн таронашка хьаьжжина.

Иштта, кху 2018-чу шарахь ломан-когсалазийн сезон чекхъяллалц баккхийчарна духкучу билетан мах хир бу 400 сом. 6-13 шераш долчу берашна уьш духкур ду 200 соьмах.

Мехаза курортерчу канатан некъех пайда эца аьтто хир бу 5 шо кхачанза берийн а, 75 шарал тIехбевллачу баккхийчу нехан а, 1-чу категорин заьIапхойн а, 18 шо кхачанза заьIап берийн а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG