ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-н дехарца лоьхуш волу нохчо лаьцна Украинин дозанхоша


Интерполе лехаме велла волу 24 шо долу нохчо Бельтоев Ислам лаьцна Укранин дозанхоша Борисполь кеманиийн портехь. Иза Цига кхаьчна хилла Бангкокера Истанбулехь кема а хийцина Киеве вогIуш. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказ.Реалиино", адвокатана Ермоленко Александарна тIе а тевжаш.

Ханты-Мансийскан автономан гонехь йолчу Мегион гIалахь вехаш хилла Бельтоев Интерполо лоьхучу нахана юкъатоьхна хилла, Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца, иза бакъонца йоцучу тIеман тобанан декъашхо хилла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG