ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каримов: Титиевна сагатдина ца еана Собчак Нохчийчу


Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iалви
Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iалви

Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидат Собчак Ксения Соьлж-ГIала ярах вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iалви. Республикан коьртачу шахьарахь ша цхьаъ дIахIоьттина пикет дIаяьхьна Собчака журналистийн скверехь "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб дIахецар доьхуш.

Youtube агIоне йиллина гIали юккъехула федералан хааминй гIирсашца йолаелла лелачу Собчаках видео. Ша Кадыровца къамел дан лууш яра, амма цо дуьхьало йира шена боху Собчака.

"Нохчийчоь Тахана" агенталле Каримов Iалвис аьлла: "Мехкан куьйгалхочуьнца цхьанакхета лаам болчо кIира, ши кIира хьалха хаийта деза, Собчакна лаьара аьлла, доллу шен гIуллакхаш дIа а тесна, цуьнца цхьанакхета аьтто бац Кадыровн".

Цул совнах цецвуьйлу Каримов Собчак Нохчийчу ярах.

"Титиевн кхолламна сагатдина еана яц иза, хилча цо хьалххе зуьйр дара Нохчийчуьра хьал а, Титиев "тIаьххьара бакъонашларъярхо" ву а эр дацара. Регионехь иттанашкахь бу шайн дахар а ца кхоош, бахархойн бакъонашна гIаролехь лаьтта бакъонащларъярхой", - аьлла Каримовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG