ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арахьара Оьрсийчу кхоьхьучух ял йоккхур ю тIейогIучу хенахь


Оьрсийчу йохьучу хIуманна тIера ял йоккхучу хьукмато тергоне эца йолийна кхечу пачхьалкхашкахь эцна бахархоша чукхоьхьурш. "Ведомости" газетано бина и хаам.

ТIейогIучу хенахь арахьара Оьрсийчу хьош йолу хIума тIера ял ца луш дехьа яккхалур яц. Цундела 10 эзар евронел а сов мах беллачу хIуманна тIера пачхьалкхо ял оьцур ю. Беллачу механ 30 процент охьайилла декхаре беш бу бахархой.

Нагахь низам дохадахь, гIуда тухур ду я конфискаци йина схьайоккхур ю йохьург, иштта бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккха а тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG