Шемаца лаьтта Туркойчоьнан дозанаш террористех дIацIандан чIагIо йина пачхьалкхан президенто ЭрдогIан Реджепа. Шеман къилберчу Афринехь операци йолийна шолгIа кIира доладеллачу кIирандийнахь дина и дIахьедар куьйгалхочо.
Ша куьйгалла дечу партин съездехь вистхуьлуш, ЭрдогIана дIахьедина, Туркойчоьно терго латториг хиларх дозанаш цIандийна ма девлли Шеман мухIажарш шайн махка берза аьтто барна тIехь.
Iамерко агIо латтош, курдийн дакъоша дIалаьцначу Афринан кIошташкахь тIемаш дIахьош ю Туркойчоь. Курдойн гIаттамхойн тобанаш террорхойн ю а аьлла Туркойчоьнан Iедалша.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!