ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киевн кхело маьршаваьккхина ГIалгIайчоьнан вахархо


Герз лардина аьлла, лаьцна латтош хилла ГIалгIайчоьнан 38 шо долу вахархо Акиев Руслан Киеверчу апелляцин кхело маьршаваьккхина, яздо "Кавказ.Реалиис". "Украинан халкъан депутато Линько Дмитрийс ша юкъархо а хилла, хийцина кхелан сацам", - аьлла бу хаам.

Ша вехачу кIоштара аравалар дихкина Акиевна, иштта декхаре ву кхайкхича Iедална тIе ваха а, шен луьстучу гIуллакхан тешашца зIе ца латто а.

Киевн Днепрскан кIоштан кхело стохка гурахь дуьйнна лаьцна вара Акиев Руслан, бакъо а йоцуш герз лелийна аьлла, бехке а вина.

Украинан кхерамзаллан сервисо зуламан тоба кхоьллина аьлла, бехк оьллинера цунна тIе, ама кхелехь тоьшаллаш дан ницкъ ца тоьира.

Кхелан кхеташонехь цхьана тешо Акиевн ю боху тапча цуьнан яц аьлла, дIахьедира, амма суьдхоша и хаам тергоне а ца оьцуш, набахтехь даккха кхо шо а, ах шо хан туьйхира Акиевна.

Украинан низамашца талламан изолятор чохь даьккхина цхьа де ши де санна лоруш хиларна, карабогIучу баттахь хан чекхйолуш ю ГIалгIайчоьнан вахархочун.

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша бехкево Акиев гIаттамхойн тобанехь латтарна а, пассажирех йоьттинчу автобусна тIелатар дарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG