ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Грозный Молл" ян йолийна Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIалара йохка-эцаран "Грозный Молл" центр яр дIахьош, белхаш карлабаьхна пIераскандийнахь аьлла, хаам бина "Нохчийчоь Тахана" агенталло. Колоннаш а, пенаш а хьаладоьттина девлла 53 процентна. Кхерамзаллан техника а ларъеш, тIечIагIйинчу графикца беш бу белхаш.

Оьрсийчоьнан къилбехь уггар а йоккха хир йолу "Грозный Молл" цIе йолу йохк-эцаран центр яр дIадолош церемони хилла Соьлж-ГIалахь аьлла, хааме даьккхинера Маршо Радионо стохка аьхка, Грозный-информ агенталлана тIе а тевжаш. И гIишло еш йойур ю 46 000 м3 бетон. Лаьтта бухулахь цхьа тIегIа а хир ду цуьнан.

"Грозный Молл" чохь хир ю 150 туька а, бутик а, 7000 м2 майда йолу гипермаркет а, цхьацца хIусамехь оьшу техника йолу супермаркет а, берийн а, баккхийчеран а садаIаран комплекс а, 9 чоьнах лаьтта IMAX-кинотеатр а, 9 кафе а, ресторан а, ткъа иштта кхача бухку схьайиллина меттиг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG