ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псковра десантхошна тIелатар дарна хенаш кхайкхийна юха а


2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковн десантхошна тIелатар дина аьлла бехкевинчу Валиев Арсланна а, Амангазиев Фаизбекна а 15 шой ах шой, 16 шой хенаш тоьхна аьлла, хаамбина Талламан комитето.

Талламчаша чIагIдарехь, Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бина цара 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота йохош дакъалаьцна цара.

Хьалхо кхи а оцу тIелатарна бехкевинчу 9 тобанхочунна тIехь кхел а йина, Нохчийчуьрчу Тунтуев Аюбна 24 шой, 11 буттий хан туьйхира, 200 эзар сом гIуда а хьарчош.

Ткъа Понарьин Максимна велла дIаваллалц хан яккха.

Украинан вахархочунна Малофеев Александрна 24 шой ах шой хан кхайкхийра.

Болучу хъаамашца, кхеле хIотто везаш ву шеконашца кхи а шиъ- Ушаев Артур а, Наматов Руслан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG