ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрерчу жигархочо нохчийн доьзал бахьана долуш Iедалан совгIат юхаделла


Даханчу шарахь шена Iедало делла сийдолу совгIат юхаделла евзаш йолчу Австрерчу адамийн бакъонашларъярхочо Крайниг Улрикес. Иза цо даран бахьана ду ша дуккхаъчу шерашкахь Iуналла деш хилла нохчийн доьзал австрихойн Iедалша махкара арабаккхар.

Даханчу кIиранахь чартеран кеманца Москох дIахьажийначу 31 нохчашна юккъехь бара 8 стагах лаьтташ болу ЯсаковгIеран доьзал а. ТIаьхьарчу деа шарахь Крайниг Улрикес немцойн мотт Iаморехь а, Австрехь интеграци ярехь а гIодеш бара и доьзал.

Хьалхо Маршо Радионо дийцина ма-хиллара, бIеннаш австрихоша дуьхьало ешшехь, Дечкен –беттан 23-гIчу дийнахь Москох дIахьажийра ЯсаковгIар а, кхин а иттанаш Австрехьий, Германехьий тховкIело ца елла болу нохчийн мухIажарш а.

Дуккхаъчу шерашкахь мухIажаршна мехаза гIодеш йолчу юкъараллин жигархочунна Крайниг Улрикина даханчу шарахь Грац гIалин урхалло деллера Fee Award 2016 цIе йолу совгIат. Шен хIусамдеца Крайниг Клаусца цхьаьна цо тIебаьхкинчара Австрехь когаирахIитта деш долу гIо-накъосталла а, Австрехь тайп-тайпанчу къаьмнашна юккъехь барт-марзо кхоллар чIагIдарехь хьоьгуш долу къа а дара цу совгIатца билгалдаьккхинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG