ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко "Кремлан тептаре" язбина санкцеш дуьхьал яха кечбина хьаькамаш


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимимран гуонерчу нахана санкцеш дуьхьал яха кечбинчийн "Кремлан артикл" аьлла тептар. Оцу документа юкъа вахийтина верриг а 210 стаг. Iедалан урхаллера нах а, Путинан администрацера белхахой а, кхиболу лаккхарчу даржашкара политикан лидерш а, олигархаш а бу оцу тептарехь.

Президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий а, администрацин куьйгалхо Вайно Андрей а, вице-премьер Медведев Дмитрий а, арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а ваьккхина "Кремлан артикле".

"Лакхарчу даржашкара лидерш" аьллачу декъехь бу Федерацин Кхеташонан хьалханча Матвиенко Валентина а, Думан спикер Володин Вячеслав а, арахьарчу талламан хьукматан урхалхо Нарышкин Сергей а, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, ФСБ-н хьаькам Бортников Александр а, инарла прокурор Чайка Юрий а, Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор, мэр Собянин Сергей а.

Иштта тептарехь бу оьрсийн пачхьалкхан корпорацин куьйгалхой а, царлахь ву "Роснефть", "Газпром" компанийн урхалхой Сечин Игор а, Миллер Алексей а. "Ростехан" куьйгалхо Чемезов Сергей, Сбербанкан куьйгалхо Греф Герман, "Интер РАО-н" хьаькам Ковальчук Борис а.

Олигархийн могIаршлахь билгалбаьхна Усманов Алишер, Абрамович Роман, Керимов Сулейман, Дерипаска Олег, Касперский Евгений, Евтушенков Владимир, а Ротенберг Борис а, Аркадий а, Тимченко Геннадий а, Тиньков Олег а, Мамут Александр а, Шамалов Кирилл а, Прохоров Михаил а, Потанин Владимир а, ГуцериевгIар вежарий Микаил а, Сайд-Селим а, церан йишин кIант Шшханов Микаил а.

"Кремлан тептарехь" болчу оцу куьйгалхошна а, бизнесхошна а дуьхьал санкцеш яха тарло, амма, президентан Трамп Доналдан администрацехь дIахьедарехь, гергарчу хенахь йохур яц.

Зазадоккхучу-баттахь кхайкхийначу Оьрсийчоьнан президентан харжамашна новкъарло ярхьама юкъадаьккхина ду и тептар аьлла хета Москохна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG