ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шейх Заедан фондо Нохчийчу миллионаш хьовсор ду


REGNUM агенталло бечу хаамца, иттех шерашкахь Шейх Заедан цIарахчу фондо Нохчийчу бизнес кхио хьажор ду долларшкахь миллионаш. Бизнесхошна гIо латтош, керла инновацеш юкъайохуш агIо лацархьама кхоьллинчу Шейх Заедан фондо бизнес кхиош гIо деш субъекташна 500 миллион сом кхачо Iалашо лаьцна карарчу шарахь. 100 сов проект кхочушъян лаам бу оцу ахчанах.

Стохка бIаьста дуьйнна Нохчийчохь болх беш ю доккхачу декъанна фонд. Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкарчу бизнесхойн ахчанаш тIехь кхоьллина организаци гIо дан лерина ю Нохчийчоьнан экономика гIаттош. Оцу Iалашонца, фондан планашца, иттех шерашкахь регионе кхачор ду 300 миллион гергга долларшкахь.

Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмиратийн президентан Шейх Халиф бин Зайед Ал Нахайянан а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а бертаца йиллина ю Шейх Заедан цIарах фонд.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG