ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интерполехула лоьхучу Нохчийчуьрчу 24 шо долчу Бельтоев Исламе Киевн кIоштарчу Борисполан кхело 40 де а, буьйса а СИЗО-хь доккхуьйтур ду. КIентан адвокато Ермоленко Александра бина и хаам "Кавказ.Реалиига".

И хан чекхъялале Оьрсийчоьно Украинана тоьшаллаш кхачо деза, Бельтоевн экстрадици ян бакъо луш аьлла адвокато. ГIаттамхойн могIаршкахь лаьттина аьлла, бехкево иза Оьрсийчоьно.

Бангкокера схьа Истанбулехула кхаьчна Бельтоев Киеве. Украинан дозанхоша сацийнера иза, аэропортехь кехаташка хьожучу хенахь цуьнгахь Украинан тардина паспорт гучу а даьлла.

Украинерчу дозанхойн хьукмато шайн сайтехь Iораяьккхина информаци, Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна шаьш харц паспортца аьлла.

Киевехь Бельтоевс оьрсийн паспорт дIа а гайтина, ша Украине тховкIело еха дагахь ву аьлла, дIахьедина.

2013-чу шарахь дуьйнна шен доьзалца махкал араваьлла Бельтоев ваьхна Туркойчохь а, Мисарахь а. Цигахь Iамийна цо Iарбойн мотт а, динан Iилма а.

XS
SM
MD
LG