ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берийн хьакъ дIа ца кхачорна кхеле валийна да


Нохчийчоьнан суьдхойн пурстоьпийн урхалло бехктакхаман гIуллакх диллина меттигерчу вахархочунна дуьхьал, шен доьзална кхелан сацамца тIедожийна ахча дIа ца кхачадарна.

Нажин-Юьртан кхелан сацамца и вахархо декхаре ву шен хиллачу зудчо дIадигинчу шина берана церан 18 шо дуззалц напха латто. Амма цо кхочушбина ца хилла и сацам. Таханалерачу дийнахь цунна тIехь ду 556 эзар сом декхар.

Карарчу хенахь оцу гIуллакхана гонах талламаш бу дIахьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG