ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Собчак Ксения: Соьга дуккха а кехаташ даьхкина Кавказера


Къилбаседа Кавказан бахархошна, къаьсттина Нохчийчоьнан, баркаллин дешнаш аьлла Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидато Собчак Ксенияс. Нохчийчуьрчу кегийрхоша маьттаза багалейина ша юхайирзинчул тIаьхьа, дукха кехаташ дахкийтина шега боху цо, бехк цабиллар доьхуш, шаьш оцу кегийрхоша хIоттийначу кепо юьхьIаьржа дина бохуш, хаамбина "Кавказ.Реалиин" портале Собчакан пресс-гIуллакххоша.

ТIаьхьо билгалдаьлла, мостагIаллица цунна дуьхьалбевлларш Нохчийчоьнан урхаллера белхахой я церан гергара нах хиллийла.

"Суна хаьа нохчийн къам ишта доцийла. Хьаша тIеэцар мел деза, сийлахь ду Кавказехь суна ма хаьа. Цхьана нохчочо оцу кепехь боьха бага лейийр яц зудчуьнга", - аьлла Собчак Ксенияс.

"Амма ас бехк ца буьллу царна. Тахана уьш бехачу Нохчийчохь, къонахаллин, боьршачу стага лело дезачу гIиллакхашца чекхвала кхераме ду", - боху журналисто.

Кху беттан 27-28-чу деношкахь хилира Собчак Ксения Кавказан регионашкахь. Дуьххьара ГIалгIайчу еара иза, "Исс бIов" мемориале а хIоьттира, шен агIончашца цхьанакхетар дира. Цул тIаьхьа Нохчийчу кхаьчнера Собчак.

Журналистийн скверехь Титиев Аюб маьршаваккхар доьхуш цхьаллин пикает дIаяьхьира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG