ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь кхи а 18 зуда а, 30 бер а хааделла Iедалхошна


Иракъехь лаьцна латтош бу Нохчийчуьра а, Дагестанера а. ГIалгIайчуьра а, кхечу регионашкара а 18 зуда а, 30 бер а аьлла хаам бина "Кавказан узел" агенталле махкарчу Iедалца йозуш йоцчу организаин декъашхочо. Лаьцна латточарех цхьана зудчо хаамбина шен нене ша а, шеца болу зударий а лоллехь латтош бу аьлла.

Маршо Радионо ГIуран-баттахь яздира, Федерацин Кхеташонера парламентан векало Сабсаби Зияда Гергарчу Малхбалера хIинцале а цIа валийна Оьрсийчоьнан 93 вахархо, тIейогIучу хенахь кхи а 150 стаг Шемара цIа а валийна, шен гергарчарех дIатухур ву аьлла.

Iедалца йозуш йоцчу организацин векало "Кавказан узел" агенталле бинчу хаамца, Иракъехь хаабелларш "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн зударий а, бераш а ду.

18 зудчух, 30 берах а лаьтта тептар кху деношкахь шайга схьакхачинйа боху цо.

"Катоьхна и нах латто меттиг а, цу нехан гергара нах а карабан беза, аьлла агенталлаца къамел динчу хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG