Экстремисташца а, террорхошца а зIенаш хилла аьлла, тептаре ваьккхинчу шен цIе дIаяккхахьара аьлла, орца дехна Нохчийчоьнан прокуратуре меттигерчу вахархочо К. Iумара.
Талламхошна гучудаьлла, кхелан сацамца терроран кепехь зулам дина аьлла, бехкевина ву иза 2012-чу шарахь. Оцу юкъанна къаьстина зуламан низамца а догIуш, лаьцна хилар цунна тIера даьлла хилар а.
Оцу хьокъехь прокуратурано республикерчу финансийн мониторинган федералан хьукмате кехат дахьийтина, иза теллинчул тIаьхьа тептарера дIавоккхур ву дехар динарг.