ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Transparency International: КадыровгIеран бахам ларбийриг 98 миллион сом мах бу


2004-чу шарахь терактехь вийначу Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIа лардийриг дахначу шарахь дайина 42 миллион сом. Дуьненаюкъарчу коррупцица къийсам латточу Transparency International организацино бина цуьнан тидам.

Znak.com гIирсан корреспонденто дийцарехь, 2017-чу шарахь мехкан куьйгалхочун администрацин объекташ Iалашъян чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца дина контракт зорбане даьккхина антикоррупцин организацино. Бертан мах 98 миллион 296 эзар сом бу.

Гаражаная урамера а, Кадыровн, Революцин проспекташкара а административан гIишлошца цхьаьна лерина мехкан куьйгалхочун резиденци а. Цхьалха язъйина ю президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан хIусам. Иза ларъйийриг 42 миллион 353 эзар сом даьлла.

"ХIусам ларъян декхаревина 62 стаг. Хадархошна ахча мехкан бюджетера оьцуш хилар тергоне эцча, Кадыровн цIа цуьнан долара хуьлу, ткъа Оьрсийчоь декхаре яц шен бюджетера оцу хьашташна ахча хьажо", - аьлла, билгалдоккху Transparency International-а.

2017-чу шеран гурахь организацино дехар динера Оьрсийчоьнан президенте талла аьлла, низамашкахь дуй-те Кадыровна говр ялар.

Коррупцица къийсам латточара хаамбина, Дубайрчу элас Кадыровна совгIатна елла говр механа еза ю, низамаша хьаькамашна схьаэца магийначу совгIател а. 3 эзар соьман механ бен совгIат бен эца йиш яц куьйгалхочийн. "Мах боцуш ду" шен совгIат аьлла, Инстаграмехь яздинера Кадыровс.

Transparency-н талалмашца, цу тайпа говраш, хууш ма хиллара, аукционехь юхкуш хуьлу юьхьанца бIеннаш эзарнаш тIера, цкъацкъа миллионашкахь долларш тIера мах а хIоттош.

XS
SM
MD
LG