ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан сенаторш реза бац Оьрсийчоьнна керла санкцеш ца тохарна


Iамеркан президент Трамп Доналдна критика йина сенаторша, цуьнан администрацино 210 Оьрсийчоьнан хьаькамаш а, миллиардераш а "Кремлан тептаре" баьхначул тIаьхьа оцу пачхьалкхана дуьхьал керла санкцеш ца яхарна.

Iамеркан пачхьалкхан секретаре Тиллерсон Рексе кехат дахьийтина шинарийдийнахь сенатора-демократа Кардин Бена а, кхи а 19 Сенатерчу демократо а Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш цаяхар тIеэца йиш йоцург ду аьлла.

Маршо Радионо хьалхо хааме даьккхира, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло зорбане даккхарх Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимимран гуонерчу нахана санкцеш дуьхьал яха кечбинчийн "Кремлан артикл" аьлла тептар.

Оцу документа юкъа вахийтина верриг а 210 стаг. Iедалан урхаллера нах а, Путинан администрацера белхахой а, кхиболу лаккхарчу даржашкара политикан лидерш а, олигархаш а бу оцу тептарехь.

Трампан администрацино Конгрессе дIахаийтира, карарчу хенахь Оьрсийчоьнна дуьхьал кхи керла санкцеш шаьш йохур яц аьлла.

Амма оцу хаамна тIаьххье финансийн министро Мнучин Стивена дIахьедира, гергарчу хенахь кхи а санкцеш совйохуш гур ду шуна аьлла.

Цо бахарехь, и тайпа санкцеш масех баттахь я цхьа бутт баьлча тоха там бу.

XS
SM
MD
LG