ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь волчу Цацаев Тимирланца Iедало харцо лелийна хилар тIечIагIдина Европан кхело


Тоьхна хан яккха ша дIавуьгучу хенахь адамна ца мегачу хьелашкахь латторна арз динчу Нохчийчоьнан вахархочунна Цацаев Тимирланна жоп делла адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело.

Маршо Радионо шен агIонехь дукха дийцира Нохчийчуьра ши вахархо 21 шо долу Цацаев Тимирлан а, 22 шо кхаьчна Каутаров Аслан а 2014-чу шеран гурахь лацарх.

Москохарчу полисхочунна тIелатар дина аьлла, бехкевинера и шиъ бехкзуламан Кодексан 162-чу артиклехь: могушаллана зен деш талордарна а, кехаташ лачкъорна а.

Шина кIанта бехк тIе ца лаьцнера, амма хIетте а кхело 5 шой, 1 буттий набахтехь яккха хенаш туьйхира шинне а.

"Цу шиннан адвокаташна и ши кIант бехке ца хета. Каутаровн а, Цацаевн а алиби дара", - аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле Цацаев Тимирланан адвокато Андисова Рисалата, ша доладина кIант Чебоксарехь набахтехь хилар, тIе а тухуш.

ЕСПЧ арз деш, кехат дахьийтинера Цацаев Тимирлана, тоьхна хан яккха ша дIахьажо кечвечу заманчохь лийча аьтто боцучу, тонкан хьожанна чохь ца Iалучу, боьхачу, машанаш тийсинчу камера чохь латтийна ша, ур-аттала мала хи а доцуш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG