ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къайлах стаг дIаязвен гIирс оьцуш лаьцна Нохчийчохь йоI


Къайлах къамел дIа а яздеш, акустикан информаци дIасайохьуьйту радиомикрофон Интернетехь эцна, почтехь иза схьаоьцучу хенахь лаьцна талламан декъан белхахоша махкарчу Заводской кIоштара 27 шо долу яхархо.

Цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх а айдина, талламаш болийна прокуратурано.

Иштта стохка Соьлж-гIалара 64 шо долу пенсхо а валийнера Талламан комитето лаьцна кхеле. Иза бехкевора къайлах ладугIу гIирс эцарна, цуьнах пайдаэца Iалашонца. Талламчаша дийцарехь, низамаша магийна боцчуу гIирсах Интернетехула ахча дIа а делла, юха иза почтехь схьаоьцучу хенахь полисхоша лаьцнера пенсхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG