ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан вахархо лаьцна Нохчийчохь патармаш духкуш


Дахначу кIирандийнахь ГIалгIайчуьра вахархо Гарданов Апти лаьцна полисхоша Нохчийчуьрчу Куьрчалахь Макаровн тапчан патармаш духкучу хенахь.

"Эцархо ву ша аьлла къайлаваьллачу Iедалан белхахочунна 320 патрон боьхкина Гардановс. Ахча дIалучу хенахь лаьцна зуламхо. Бехкзуламан Кодексан артиклан 222-чу артиклехь бехктакхаман гIуллакх диллина цунна дуьхьал, бакъо йоцуш герз а, патармаш а лелорна а, лардарна а, дохкарна а", - аьлла "Кавказан узел" агенталле махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахочо.

Кхаарийдийнахь кхелан сацамца лаьцна Гарданов. Цо динчу зуламна 4 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо цунна низамаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG