ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Латархо Тесаев Имам лоьху Талламан комитето


"Коммерсантан" хаамашца, 21 шо долу Нохчийчуьра латархо Тесаев Имам "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанехь хилла аьлла, шеконаш кхоллаелла Талламан комитетан. Цкъачунна федералан лехамашка велла Тесаев, тIейогIучу хенахь Интерполехула и волу меттиг лаха Iалашо ю церан.

Устрада гIаларчу боккхачу доьзалера ву ша Тесаев. Масех регионехь престижан турнирехь толамаш баьхначул тIаьхьа Москох кхайкхинера иза, цигахь спортан базехь кечамаш а беш, шозза дуьненан чемпионатан призер а ваьллера иза. 2015-чу шарахь цIехьана къайлаваьллера иза. Цуьнан тренеро дицарехь, ши де дехнера цо цуьнгара, Нохчийчу экзамен дIаяла ваха, амма юхавеана ца хиллера Москох. Иштта ца хаавеллера иза ша вехачу Устрада гIалахь а.

ТIаьхьо яьржинчу видеоролик тIехь жигара кхуьйкху цо кегийрхой "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанан могIарш дуза.

Социалан машанашкахь йозанаш даза дикка хан ю Тесаевс, амма хIетте а Талламан комитето лоьхуш ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG