ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьллачу журналисташна Сахаровн премеш декъна Москох


Сахаров Андрей
Сахаров Андрей

Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх дийцар уггаре а журналисташна кхераме йолчу теманех ю аьлла, дIахьедина "Новая газетан" коьртачу редакторо Сахаровн цIарах тоьллачу журналисташна премеш доькъучу церемонехь.

Москох кхаарийдийнахь вовшахтоьхнера журналисташа а, бакъонашларъярхоша а хьоьгу къа билгалдоккхуш, Сахаров Андрейн цIарах совгIаташ дIасадоькъу барам.

Премин лауреаташ бевлла "Новая газетан" корреспонденташ Милашина Елена а, Каныгин Павел а, Феруз Iела а, украинхойн журналист Сущенко Роман а, кубанхойн жигархо Полюдова Дарья а, "Дождь" телеканал а, "Такиедела" зорбан гIирс а, "Кавказан узел" агенталла а.

Церемони йоьрзучу хенахь гулбеллачарех цхьа зуда хьала а гIаьттина, "Яхийта оьрсийн лаьтта тIера" тIе яздина плакат даржийра, цул тIаьхьа Путин Владимирна кхаж таса аьлла, агитаци а еш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG