ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевна лоьрийн гIо кхачийна


Нохчийчуьрчу "Мемориалан" декъан куьйгалхочунна Титиев Аюбна эххар а кхачийна, иза лаьцна кхо кIира даьллачул тIаьхьа, медицинан орца аьлла, хаамбо бакъонашларъяран центран сайтехь.

"Ша лоцучу дийнахь стоматолог волчу шен дIаяьхна цергаш дIахIиттаяйта ваха везаш вара Титиев Аюб. Амма гIо кхачийна цунна СИЗО-н медицинан хIусамехь байначу беттан 30-чохь" аьлла, яздина ду хаам тIехь. "Мемориалан" информацица, хIинццалц хIума кхалла йиш йоцуш вара Титиев.

Бакъонашларъярхо бехкево боккхачу барамехь наркотикаш лелийна аьлла. Титиевс бехк тIе ца лоцу, ша беш хилла болх бахьана долуш, шен машенчу кхийсина полисхоша нгаркотикаш бохуш, чIагIонаш йо цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG