ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нобелан совгIатна хьалхатеттина Милашина а, Ганнушкина а


Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхой а, журналисташ а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисийн белхало хилла Сноуден Эдвард а, курдойн "Пешмерга" тоба а Нобелан совгIатна хьалхатеттина норгойн депутаташа, хаамбо Норвегин телеграфан бюрос.

Социалхойн аьрру партин парламентарийс Эйде Петтера зорбанашка дIахьедина, "Новая газетан" журналист Милашина Елена а, "Мемориал" центр кхоьллина Ганнушкина Светлана а, "Iазапна дуьхьало латторан комитетан" векал Садовская Ольга а шаьш преми кхачо тептаре язйина аьлла.

Иштта политико преми дала хьакъ ву аьлла Оьрсийчохь веха Iамеркан вахархо Сноуден Эдвард а.

Iамеркан къоман кхерамзаллан агенталлехь болх бечу Сноуден Эдварда 2013-чу шарахь журналисташна бIеннаш-эзарнашкахь къайлене информаци дIаелира. Цул тIаьхьа Гонконге ведира иза, тIаккха Москох кхечира. Оьрсийчоьно ханна тховкIело а елира цунна. Москох дуьхьал хилира Сноуден Iамерке юхавала, цигарчу низамашца 30 шо хан йогIура Сноуденна.

Масийттазза шен пачхьалкхе дIаваха лаар къадийра Сноудена, нагахь санна, шена дуьхьал бехктакхаме гIуллакх айдийр дацахь.

Президентан харажамашна кечамбечу хенахь Трамп Доналда "ямартхо ву" элира Сноуден, цунна таIзар дан догIуш хилар а билгалдоккхуш.

Байначу беттан 31-гIа де тIаьххьара дара Нобелан премина юкъабохуьйтурш чуоьцу де.

Кху шеран гурахь чекхбевллачийн цIераш йовзуьйтур ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG