ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардина тIелатар дина аьлла бехкево Украинехь лаьцна Бакаев


Бакаев Iела
Бакаев Iела

Борисполь" Киеверчу аэропортехь дозанхоша сацийна, Ноьвр-кIоштарчу Росгвардин декъанна тIелатар дина аьлла, бехкевен 25 шо долу Бакаев Iела. "Кавказ.Реалиин" портале бина и хаам цуьнан адвоката Герасько Максима.

"Интерполехула лоьхуш хилла иза. Шега хеттарш дечу хенахь, Украине тховкIело еха дагахь ву ша аьлла хилла цо. Иза лаьцна 72 сахьт далале кхело цуьнан дIасацорах цхьа сацам бийр бу", - аьлла адвокато. Украинан низамаша дуьненаюкъарчу лехамашкахь волу стаг 30 дийнера 40 дийне кхаччалц сацо бакъо ло.

Оцу хенан юккъехь цуьнан экстрдицияр доьхучу агIоно документаш кхачон деза, иза дIавехаран бух буьйцуш.

Дахначу шеран бIаьста Ноьвр-кIоштарчу Росгвардин декъанна тIелатар динера Нохчийчоьнан ялх вахархочо. Оцу тасадаларшкахь 6 эскархо вийнера, кхаанна чевнаш йира. ТIелатар динарш берриш а хIаллакбинера.

Ницкъаллийн структурийн белхахойн версица, хIетахь Оьрсийчоьнал арахьа вехаш хилла Бакаев Iела а бехке хилла тIелатарна.

Кху аьхка Бакаевс тIе ца дитира Росгвардина тIелатарна ша бехкевар.

Динан Iилма Iамош ша хIетахь Мисарахь вара, цуьнан тоьшаллаш а ду шен аьллера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG