ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьоладас Джабраиловс "Патриот" клуб эцна Москох


Бизнесхочо Джабраилов Iумара Москохан Измайлово кIоштахь "Патриот" кхийсархойн клуб эцна, цу чохь шен Iамораш дIадахьа дагахь а ву. РБК агенталле бина экс-сенатрро и хаам.

"Дукха хан яра со и клуб эца дагахь волу. ХIинца схьа а эцна, кехаташ а чекхдаьхна ас. И тир дика евзаш а ю, дуккха а клиенташ а бу цуьнан. Цхьа цакхетам буьсу цкъачунна, административан ресурс тIетасарца, амма сайгга и дIанислур ду аьлла хета суна. Цул тIаьхьа сайн Iамораш доло дагахаь ву со", - аьлла, дийцина Джабраиловс.

Ша мел мах белла клубах дийца ца лиина бизнесхочунна. Иштта хууш дац цунна шена а, мел ахча дахийта деза цунна тIе и клуб кхиорхьама, шоръярхьама.

"Сан партнерех доьзна ду и. Ас пайда хиларе сатуьйсуш эцна ю и клуб, ткъа парнераш говзанчаш бу. Кхи дIа а клубаш оьцуш, маша дIабахбан беза я ца оьшу царна дика хуур ду. Амма суна Iаламат перспективе гIуллакх хета хIара. Даим а алюминан заводаш эцна вер вуй со, тир эца а ма мега", - бохуш, дийцина Джабраиловс РБК агенталле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG