ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозиционер, политик Немцов Борис вийнарг Дадаев Заур ву бохучух шеконаш ю шен аьлла Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата. "Эхо Москвы" радиостанцин эфиехь кхааридйинахь дина цо цу кепара дIахьедар. Ишта шек ву иза, Талламан комитетан официалан версех а, дикаллин амалшца волчу Дадаевс стаг вуьйр вацара боху министро.

Москох 2015-чу шеран Iай вийра оппозицин лидер Немцов Борис. Бехке хиларх шеко йолуш лецна, кхел йинчул тIаьхьа набахтешкахь хенаш токхуш бу Нохчийчуьра бахархой Дадаев Заур, ГубашевгIар Анзор, Шадид, Эскерханов Тамерлан, Бахаев Хьамзат.

XS
SM
MD
LG