ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Антинаркотикийн кампанехь лецначарна тIехь къизаллаш лелайо аьлла Соьлж-ГIалин вахархочо


Наркотикашна дуьхьал болийначу къийсамехь лоьцу нах ларми чохь а латтабо, царна ток йоьттуьйтуш, тIехь ницкъбо аьлла "Кавказан узел" агенталле Соьлж-ГIалин вахархочо. Цо бахарехь иза а, кхи а 200 стаг латтийна антисанитарин хьелашкахь, къизаллаш лелош тIехь, ток йоьттуьйтуш, цул тIаьхьа моллин хьехамашка ладегIа дигара шаьш аьлла, дийцина вахархочо агенталле. Шина кIиранах чохь латтийначул тIаьхьа, ша маьршавитира боху цо.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахочо "Кавказан узел" хаамийн гIирсан хеттаршна жоп луш, бакъ ца дина лецначарна тIехь къизаллаш латтор, амма наггахь шеконашца нах сецабо шаьш, талламаш бинчул тIаьхьа дIахоьцу аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG