ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн адвокат вада везна Нохчийчуьра


Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъан куьйгалхочун Титиев Аюбан адвокат Тельхигов Аслан махкара араваьлла, шен дахарна кхерамш тийсарна. "Новая газетано" бина и хаам.

Газетано бахарехь, вукху адвокатна Заикин Петрна машенца тIаьхьабевлла нах хаабеллачул тIаьхьа, иза байначу беттан 18-чохь Соьлж-ГIалара дIаваханера. Цул тIаьхьа тIеIаткъам ловш хиллера Титиевн шолгIа адвокат Тельхигов Аслан а.

"Новая газете" нохчийн адвокаташа хаамбина, шайн адвокатийн палатан декъашхошна телефончухула тIедожийна, Тельхиговн телефонан лоьмарш а, иза волу меттиг а йийца аьлла.

Цул совнах, Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а ю адвокат лоьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG