ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхоша а, културан белхахоша а доьху Титиевy гIуллакх кхечу регионехь листар


Титиев Аюбан гIуллакх Нохчийчоьнал а арахьа листар тIедожийна бакъонашларъярхоша. "ГIуллакх таллар федералан тIегIане дерзаде", - аьлла, яздина бакъонашларъярхоша а, юкъаралхоша а, културан белхахоша а Оьрсийчоьнан инарла прокуроран Чайка Юрийн, чоьхьарчу гIуллакхийн министран Колокольцев Владимиран, Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран а цIарах дахьийтинчу кехата тIехь.

"Титиев Аюбна дуьхьал даьккхина гIуллакх бух боцуш ду аьлла, чIагIдойла ю тхан", - яздина "Меморилан" сайтехь кхозучу кхайкхамна тIехь. "Мемориалан" балхахошца доьзна гIуллакх Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн талламан департаменто листа дезаш ду, ткъа Инарлапрокуратурано шен тергоне эца дезаш ду и тайпа гIуллакхаш.

Титиевн гIуллакх бакъонца толлуш ду ала хала ду, хIунда аьлча, цигара ницкъаллийн структураш меттигерчу Iедалан омраца болх беш ю аьлла, билгалдаьккхина кехатан авторша.

Иштта цара хьахийна, республикехь дуьххьара цахилар наркотикашца доьзна харц бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал айдеш меттигаш а, Нохчийчоьнан куьйгалло бакъонашларъярхошна кхерамаш туьйсуш, дина дIахьедарш а.

Бакъонашларъярхоша доьху Талламан комитете, парламентан спикера Даудов Мохьмада а, Кадыров Рамзана а Къилбаседа Кавказерчу бакъонашларъярхойх динчу дIахьедарийн а, Титиев Аюба наркотикаш шена кхийсина ю аларан а бакъонца жамIаш дар, литтар.

Кхайкхамна-кехатна буха куьйгаш яздина Оьрсийчоьнан Бакъонашларъяран Центран 9 декъахочо – Алексеева Людмилас, Пономарев Левс, Борщев Валерийс, Ганнушкина Светланас, Каляпин Игора, Мельконьянц Григорийс, Орлов Олега, Таубина Натальяс, Черкасов Александра а.

Царна тIекхетта 39 бакъонашларъярхо, журналисташ, културан белхахой, шайлахь Ахеджакова Лия а, Макаревич Андрей а, Городницкий Александр а, Фатеева Наталья а йолуш.

XS
SM
MD
LG