ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Матвиенко: Ирсан а, цхьалин а министраллаш кхолла еза


Кху заманахь цхьалла уггар а яккхийчу проблемех ю аьлла Федерацин Кхеташонан спикеро Матвиенко Валентинас, хаамбо ТАСС агенталло. "Ас аьллера ирсан министралла кхоьллича гIоле яра, амма суна тIе ца тов цхьа а. ХIинца цхьаллин министарлла а ю-кх рогIехь кхолла езачех", - аьлла цо ярташкарчу социалан сферан къинхьегамхошца цхьанакхетарехь. Цу тайпа урхалла ю боху цо Великобританехь. Матвиенкона хетарехь, уггар а бале ю цхьаалла хенарчу нахана.

"Оцу нахана ахчанал а алсам оьшу шайна ен терго", - боху спикеро. И баккхий нах хIумма а тIаьхьа буьсуш бац шайн берийн берашна, интернетехь берийн дневникаш зуьй цара бохуш, чIагIдо Матвиенкос.

Байначу беттан 17-чу дийнахь Британин премьер-министро Мэй Терезас спортан а, юкъараллан а министр Крауч Трэйми керлачу цхьаллин министраллан урхалле хIоттийна.

Цкъачунна билгалдаьккхина дац, Крауча а, цуьнан белхахоша а хIун декхарш кхочушдийр ду. Амма хууш ду, 2016-чу шарахь йийначу лейбористийн Партерчу Кокс Джоса кхоьллинчу цхьалин комиссица цхьана болх беш хирг хилар.

Джосан жигаралло иркарахIоттийна Мэй и башха министралла вошахтоха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG