Даймехкан тIамех бакъдерг харцхьадаьккхинчунна тIе жоьпалла дожош низам юкъадаккха деза аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Твиттерерчу шен микроблогехь яздина цо цунах.
"Хаа а хуш бакъдерг эрчадоккхучарна дуьхьал гIуллакхаш доло деза. Сталинградехь тIамехь эзарнашкахь вайн тIемалой, офицераш байина, амма эскар дуьхьал лаьттина, Паулюс а, румынхойн, италхойн дивизеш, хорватан дакъош а хIаллакдеш. Сий хуьлда Турпалхойн!", - яздина Твиттерехь Кадыровс.
ПIераскандийнахь 75 шо дуьзи Сталинградан тIамехь толам баьккхина.
Волгоградехь тIеман парадехь 1,4 эзар салтийчо, чоьхьарчу гIуллакхийн, орцан министраллийн академин курсанташа, кадеташа дакъалецира пIераскандийнахь. Президент Путин Владимир а хилира цу барамехь.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?