ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн программистна экстрадици йина Iамерке


Левашов Петр Iамеркан кхелехь
Левашов Петр Iамеркан кхелехь

Испанин Iедало Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташка экстрадици йина оьрсийн программистна Левашов Петрна. Iамерко иза бехкево киберкурхаллаш лелорна. Программистан хьокъехь Коннектикутан кхелехь дуьххьара кхелан ладегIарш хилла. Шена дуьхьал даьхначу бархIе а бехкех цхьа а тIе ца эцна Левашовс.

Дахначу шеран бIаьста Барселонехь лецира программист. Компьютерш бехъеш, спам дIаса а кхоьхьуьйтуш, ша кхоьллина глобалан маша хилла цо лелош. Иштта гулъеш хила персоналан информаци компьютерех пайдаоьцучийн. Нагахь бехк цунна тIечIагIбахь, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь 50 шаре гергга хан йогIу Левашовна.

Стохка аьхка Оьрсийчохь лаца кхайкхийнера программист Петарбухерчу медицинан хьукматан сайт чу а ваьлла, информацина блок тохарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG